Ко Дню Чеченского языка

25.04.2018

25.04.18 ш. ст. Наурски РДК-н бешахь д1аяьхьира мероприятии Нохчийн меттан ден лерина йолу. Цигахь дакъа лецира МБОУ 《Калиновски СОШ》ц1е йолчу ишколас а.25-г1а апрель, вайн ма хаъара, Нохчийн меттан деза де лерина ду. Таханалера вайн цхьанакхетар а, нохчийн маттана лерина ду. Кхузахь вайн юха а довзуьйтур ду, нохчийн мотт хаза а, оьзда а, хьалдолуш а хилар. Иштта довзуьйтур ду, вешан мотт вайна безар, даимма цуьнан сий дарца вай даха дезаш хилар а.

Дуьненчохь са мел долу х1ума нена кийрара схьа даьлла ду. Х1ун хир ду ненал сийлахь а, деза а. Нанас оьздачу маттахь кхетош-кхиош, набарна дийшош, хазачу макъамехь илли олуш, дагчу бижийна вайна х1ара ненан мотт.

Ткъа вай нохчий ду. Дуьне кхоьлличахьана оьздангаллица, майраллица, комаьршаллица, яхьца г1арадаьлла къоман адамаш ду вай. Нохчийн нанас нохчийн маттахь г1иллакх, оьздангалла а хьоьхуш, схьадог1у вай таханлерачу дийне. Къоман культура нена маттаца йоьзна ю. Ненан маттахь хьоьху дика мел дерг а.

Суна даггара баркалла ала луар дара сай хьехархошна, дешархошна а, дакъа мелла лаьцначарна а. Къаьсттина баркалла ду Абдулаев И.С. а Абубакарова З.А. а.